Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъин кІанта АхьимаІаца Йоабе элира: «Аса ведда хаам бийр бу паччахье, Везачу Эло, Шен кхел а йина, иза мостагІех кІелхьарваьккхина аьлла». Амма Йоаба цуьнга элира: «Тахана Даудана дика кхаъ бахьаш веанарг хир вац хьо. Муьлххачу а кхечу дийнахь гІур ву хьо цига, тахана а ца воьдуш, хІунда аьлча велларг цуьнан кІант ву». Цул тІаьхьа Йоаба цхьана хушахочуьнга элира: «Ваха а гІой, паччахье хьайна гинарг ма-дарра дІадийца». И хушахо, Йоабана хьалха корта охьа а таІийна, сихха Дауд волчу вахара. Амма ЦІадукъин кІанта АхьимаІаца, ша аьллачунна тІера ца волуш, юха а Йоабе элира: «ХІуъа а хилахь, со а воьду хушахочуьнца». Йоаба цуьнга элира: «ХІунда воьду хьо цуьнца, сан кІант? Ахьа дІабахьа кечбинарг дика кхаъ ма бац». АхьимаІаца элира: «Иза иштта делахь а, со воьду цига». ТІаккха Йоаба элира: «Вада, гІо». АхьимаІац Йордан-тогІи чохь болчу новкъахула ведда дІавахара. Иза хушахочул хьалха дІакхечира цига. Дауд шина кевнна юккъехь Іаш вара. Кевнан тхов тІе ваьллачу гІаролхочун ша цхьаъ волуш ведда вогІучу стагах бІаьрг кхийтира. Цо, мохь а тоьхна, паччахье хаам бира. Дауда элира: «Нагахь санна и стаг ша цхьаъ вогІуш велахь, иза хаамча ву». Ткъа важа улло кхаьчна вогІуш вара. ГІаролхочунна кхин а цхьа стаг гира, ведда вогІуш. Цо ков лардархочуьнга мохь туьйхира: «Кхин а цхьа стаг ву ведда вогІуш». Паччахьо элира: «Иза а хаамча ву». ГІаролхочо элира: «Суна хьалха вогІуш волчун болар го. Иза ЦІадукъин кІентан АхьимаІацан боларх тера ду». ТІаккха паччахьо элира: «И стаг дика стаг ву. Иза дика кхаъ бахьаш вогІуш ву». АхьимаІаца, мохь а тоьхна, паччахье элира: «Машар!» Цо, лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха шен корта охьа а таІийна, элира: «Декъала ву хьан Веза Дела. Цо сан эла волчу паччахьна дуьхьал куьг даьхьна болу мостагІий хІаллакбина». Паччахьо хаьттира: «Дийна вуй къона Абушалам?» АхьимаІаца элира: «Йоаба со кхуза воуьйтучу хенахь цигахь хилла болу нах чІогІа боьхна хьийзаш гира суна. Амма цигахь хилларг суна ца хаьа». Паччахьо элира: «Юьстах а валий, кхузахь саца». Иза, дехьа а ваьлла, сецира. Эццахь веана хушахо а схьакхечира. Цо элира: «Дика хаам бу сан эла волчу паччахье! Тахана Везачу Эло хьуна дуьхьалбевлла болу мостагІий эшийна». Берриге а Исраил-махкахула а, ЯхІуд-махкахула а паччахьан а, цуьнан баьччанийн а кехаташ дІасадаржош бахара геланчаш. Паччахьо динчу омрица кехата тІехь яздина дара: «Исраилан халкъ! ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волчу Везачу Элана тІедерзалаш, тІаккха ашурхойн паччахьан карара схьабевллачу дийна бисинчарна тІевоьрзур ву Иза а. Ас гураш доьгІнера хьуна, Бавел, хІинца, хьайна а ца хууш, хьо цара дІалаьцна. Веза Эла волчу Суна хьо дуьхьал яьллера, цундела хьо, кара а йина, дІалаьцна.
Выбор основного перевода