Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хІума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цІа чу охьадиллина долу. Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тІедиллира и хІуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхІудан эла волчу Шишбацаран кара дІаелира. «Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьІна ву. Оцу деланийн суьрташ хІинца бежанашна тІехь дІахьош ду. Хьалха аша дІакхехьначарах кІадделлачу даьхнина беза мохь хилла. Цийон-лам тІе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду, ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат, Везачу Эло мел деллачунна: кІа, керла чагІар, зайтдаьтта, жена а, бежана а юкъара кІорнеш. Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш, ткъа церан дог кхин доьхна хир дац. «Массо а халкъашка дІахаийта, байракх хьала а айъаяй, къайла а ца доккхуш, дІадийца: „Бавел-гІала схьаяьккхина, Вел-харцдела юьхьІаьржачу хІоьттина, Мардух-харцдела дог доьхна ву, Бавелан суьрташ юьхьІаьржачу хІиттина, цуьнан цІуш дог доьхна а бу“. «Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара тхо, дІа а кхаьллина, дакъадаллалц хуьйдина. Цо тхо яьсса пхьегІа санна дІахІиттийра. Саьрмико санна, цо тхо, дІа а кхаьллина, тхан уггар дикачух шен кийра бузийра, ткъа йисинарг дІакхоьссира. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Бавелан стаммий пенаш баххаш тІе кхаччалц дохор ду, цуьнан лекха кевнаш а цІерца дагор ду. Халкъаша къахьегнарг эрна хир ду, къаьмнаша бина болх цІеро багийна хир бу».
Выбор основного перевода