Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло шу, Эпрат-хи тІера Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тІе кхаччалц, кІа санна, ирхдугІур ду, ткъа шу, исраилхой, тІаьхь-тІаьхьа гулдина хир ду. Ахь ирхдугІур ду уьш, амма мохо дІасахьур ду уьш. Ткъа чІогІачу мохо, довдийна, къайладохур ду уьш. Юха хьо Везачу Элаца хиларна, самукъадаьлла хир ду, Исраилан Везачу Делах дозалла деш хир ду. КІа мохехь цІандаре терра, Аса уьш оцу мехкан массо а гІаланашкара аракхуьссур бу. Сан къоман бераш дІа а даьхна, Аса уьш хІаллакбийр ма бу, шайн харцачу новкъах уьш дІа ца бирзина дела. Цуьнан карахь кІа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кІа цІандийр ду. КІа цІа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дІайовр йоцучу цІера юкъахь ягор ю Цо».
Выбор основного перевода