Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Майра мостагІий хІонс яьккхина богІу, Іожаллин наб кхетта уьш Іохкуш бу. Массо а оцу тІемалошка шайн куьйгаш тІом бан хьала ца айало. Цундела массеран а куьйгаш, чуьра са дІадаьлча санна, охьагІур ду, хІораннан дог, Іадийна, дешар ду. Уьш кхерабелла хир бу, чІогІачу лазарша дІалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш. Уьш чен юьхкаш санна ю: цІеро уьш багор бу! Цаьрга ур-атталла шаьш а кІелхьар ца бахало цІерах. Ша вохвалархьама кІоранах йолу цІе иза хир яц, уллохь хиъна Іархьама йолу цІе иза хир яц. Тур тоха церан динан дайшна, уьш кхетамчуьра а бохуш. Тур тоха церан тІемалошна, уьш къематах а бузуш. Тур тоха церан говрашна а, гІудалкхашна а, шайна юкъахь болчу тІелаьцначу тІемалошна а, уьш, зударий санна, кхоьруьйтуш. Тур тоха церан хазнашна, уьш хІонс санна дІаса а йохуьйтуш. qac Иqac* дерриг Ярушалайман кевнаш лаьттах чу ма дахана. Церан дерриг а гІораш а, дохийна, дІа ма даьхна. Цуьнан паччахь, цуьнан элий хийрачу нахана юкъабаьхна. Товрат-хьехамаш Іамо кхин цхьа а вац. Цуьнан пайхамаршна хьалха кхин ца хІуьтту Везачу Элера долу суьрташ. Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогІин бахархой а хІаллакбийр бу, Байт-Іедан цІийнера олаллин гІаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кІошта йийсаре дІагІур ду», – боху Везачу Эло. Хьайн эскаре хьажал! Хьан тІемалой зударех тера хир бу! МостагІий хьан махка чугІурту кевнаш шуьйра схьаделладелла лаьттар ду. Церан гІораш цІеро дІакхаьллина хир ду.
Выбор основного перевода