Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Айса дІакъастийначаьрга омра дина Аса, Сан дозаллех самукъадолуш болчу Сайн тІемалошка кхайкхира Со Сан бекхам кхочушбе аьлла. Стигалара охьа ма воьжна хьо, Іуьйренан сирла седа! Дитт санна лаьттара ма хьаькхна хьо, хьалха халкъаш эшош хилларг! Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Іеха ма делла. Тархийн чІажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а хьо Іаш ду, амма хьан цІенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дІа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода