Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш, хІунда аьлча Везачу Эло дина иза! Хазахетаран гІовгІа яккхийша, лаьттан бухахь йолу меттигаш! Хазахетарца декийша, лаьмнаш, хьаннаш, церан дерриг а дитташ! Якъубан тІаьхье Везачу Эло паргІатъяьккхина ю, Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо. Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта! Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш! Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу, Цо къинхетам бо гІело хьоьгучу Шен къомах. Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хІунда аьлча Иза Бавелан къам хІаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цІенна динарг бахьана долуш. ТІеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий! «ТІеман байракх хьалаайае! Къаьмнашна юкъахь коьман маІа лакха! Бавел-гІалина тІелата халкъаш кечде! Араратан а, Менин а, Ашкиназан а пачхьалкхаш цунна дуьхьал яха омра де. Царна массарна а тІехь баьчча хІоттаве, цІоз санна дукха говраш а хилийта. Иштта, яккхийелаш стигалш а, стигалш тІехь дехаш дерш а! Декъаза ду-кх лаьтта тІехь а, хІорда чохь а дехаш дерш! ХІунда аьлча, шен йисина хан кІеззиг юйла а хууш, дарделла долу иблис шу долчу лаьтта доьссина!» Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХІунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.
Выбор основного перевода