Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Маьрсахочо, арахь лаьтта кІа куьйгаца гул а дина, кенаш хедор санна хир ду иза. Репайм тогІи чохь дисина кІен кенаш гулдар санна хир ду иза. Зайт-дитташ тІера стоьмаш охьаэгош санна, хир ду иза. Ши-кхо стом буьххьехь а, я биъ-пхиъ дикачу гаьннаш тІехь а буьсур бу», – боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло. Цу дийнахь стеган хьажар ша Кхоьллинчуьнгахьа хир ду, цуьнан бІаьргаш Исраилан Везачу Далла тІехьажийна хир бу. Эринчу ялтех тера долу сан халкъ! Берриге а ницкъийн Везачу Элера, Исраилан Делера, сайна хезнарг шуьга дІакхайкхийна ас. Ас хьох ира ялта орург йийр ю. Иза керла а, цергаш йолуш а хир ю. Ахь лаьмнаш, эрина, хьаькхна дІадохур ду, ткъа гунех кегаш йийр ю. Хьуна а, ЯхІудан халкъ, таІзаран ялта чудерзо хан билгалъяьккхина». «Сайн халкъан аьтто бар Аса карладаьккхича, ТІедерзаде маьрсаш, ялта кхиъна дела. Схьадуьйла, охьадисса, кемсаш Іовда, муттдоккхург юьзна дела. Муттанан пхьегІаш чуьра мутт тІехъоьхуш ду, цара дина зулам доккха долу дела». Амма Везачу Элан ойланаш царна ца евза, Иза дан воллучух а уьш ца кхета. Цо, хьаьтта цІевнаш санна, шаьш схьагулдина хиларх а ца кхета. Хьо оьгІазаллехь лела лаьтта тІехула. Хьайн дераллехь Ахь халкъаш хьоьшу. Делан цІа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тІе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХІунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тІе а кхаьчна».
Выбор основного перевода