Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гІала, Седам а, Іамор а санна, Дала хІаллакйийр ю. Абаден абаде даллалц, бахархой хир бац цунна чохь, массо а тІейогІучу тІаьхьенашкахь цигахь стаг Іийр вац. Іаьрбичо шен четар а хІоттор дац цигахь, шайн жеца садоІуш Іуй а Іийр бац. Амма хьуна тІе бохам богІур бу, бозбунчаллица иза дІабаккха ахь могуьйтур дац. Сингаттам хьоьга кхочур бу, хьан ницкъ кхочур бац иза сацо. Хьуна дагахь а доцуш долу хІаллакьхилар цІеххьана догІур ду хьуна тІе. Дан-гІала йолчуьра мостагІийн говрийн хур дар схьахеза. Церан дой терсарна берриге а мохк бегаш бу. Уьш схьабогІуш бу, мохк а, цунна чохь мел ерг а, иштта гІала а, цунна чохь вехаш мел верг а хІаллаквархьама». Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгІазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгІазалла къаьмнашка ла а ца ло. Бавел схьаяьккхина яьллачу гІовгІано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий къаьмнашна юкъахь дІахезаш хир ду». Дегор-м дац те и бахьана долуш латта? Лаьтта тІехь вехаш волу хІора а воьлхур-м вац те? Дерриге а, доьду хи санна, тохалур ду. Мисар-махкара хи санна, лакхадолуш а, лахлуш а хир ду иза.
Выбор основного перевода