Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШолгІачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутІа. «Кху гІалина таІзар дийр ду, – элира цара, – хьайн цІахь йолу зуда а, ши йоІ а схьа а эций, дІагІо кхузара. ГІалахь дисахь, шу хІаллакьхир ду». Халкъе Мусас элира: «ХІокху зуламечу нехан четаршна юххера дІа а довла, церан долахь йолчу цхьана а хІуманах хьакха а ма ло, шаьш а церан дерриге а къинош бахьана долуш ца далийтархьама». Бавелера халкъ дуккха а халкъашна а, баккхийчу паччахьашна а хьалха гІуллакх деш лелар ду, цара диначуьнга а, церан куьйгаша лелийначуьнга а хьаьжжина, Аса царна доггІург дІа а лур ду“». ДІагІо Бавелера, бита хашадхойн мохк, жена хьалха яьлла йоьду бож санна хилий, дІахІотта. ТІеман маьхьарий детташ, цунна го бай, дІахІитта. Тахана ша мостагІийн кара дІаелла Бавел-гІалано, йохийна цуьнан бІаьвнаш, цуьнан пенаш охьаэгна. Веза Эла волчу Аса цунна бекхам беш хиларна, аша а бекхам бе цунна. Цо кхечу къаьмнашна тІехь деш дерг аша а де цунна тІехь. ТІаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гІали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама.
Выбор основного перевода