Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Массо а халкъашка дІахаийта, байракх хьала а айъаяй, къайла а ца доккхуш, дІадийца: „Бавел-гІала схьаяьккхина, Вел-харцдела юьхьІаьржачу хІоьттина, Мардух-харцдела дог доьхна ву, Бавелан суьрташ юьхьІаьржачу хІиттина, цуьнан цІуш дог доьхна а бу“. ХІун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цІун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хІуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цІунах муха тешар ву? И цІу вист а ца хилало! «Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тІулге „ХьалагІатта!“ бохург. Цуьнга Іамалур дуй те цхьа а хІума? ХІаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац».
Выбор основного перевода