Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шишша цхьаьна хІиттина богІуш дошлой а, схьабогІуш нах а бу». Цул тІаьхьа цо элира: «Бавел-гІала йоьжна ю, иза эшийна ма ю! Цуьнан деланийн дерриге а дина суьрташ лаьттахь дохийна Іохкуш ду». ЮьхьІаьржачу хІоьттина Муабин къам, хІунда аьлча иза дохийна. Мохь бетташ, белхар де, Арнон-хин йистехула дІахаийта Муабин къам хІаллакдина хилар. Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дІадахара. Цо бохура: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели йоккха Бавел-гІала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагІар малийна цо массо а халкъашна». Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели-кх йоккха Бавел-гІала. Жинашна Іан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дІалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах. ТІаккха, и гІала йогуш, цунах хьалабаьлла кІур шайна гича, цу гІалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу. Оцу гІалина хилларг бахьанехь боьлхуш а, гІайгІанехь а хир бу дерриг а дуьнен чуьра совдегарш а. ХІунда аьлча церан юхкуш йолу хІуманаш хІинца цхьаммо а оьцуш яц. ТІаккха шайн кортош тІе ченаш тийсира цара. ГІайгІане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гІала! ХІордана тІехь долу массо а хІордкеманаш шайн долахь долчара оцу гІалин деза а, мехала а мел долчу хІуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хІинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дІахІоьтти».
Выбор основного перевода