Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгІазаллин гІаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Іаса ю. Диг ша лелочу стагал тоьлуш хир дуй? Херх ша хьокхучул тоьлуш хир буй? Ша хьалаайинчу стагана тІехь олалла дийр дуй те гІожо? Дечигах бен боцучу хьокхано адам хьалаойур дуй те? Ас хьох ира ялта орург йийр ю. Иза керла а, цергаш йолуш а хир ю. Ахь лаьмнаш, эрина, хьаькхна дІадохур ду, ткъа гунех кегаш йийр ю. Ахь ирхдугІур ду уьш, амма мохо дІасахьур ду уьш. Ткъа чІогІачу мохо, довдийна, къайладохур ду уьш. Юха хьо Везачу Элаца хиларна, самукъадаьлла хир ду, Исраилан Везачу Делах дозалла деш хир ду. Ма йохийна, кагйина дІаяьккхина-кх дуьненан варзап йолу Бавел! Ма инзардевли-кх халкъаш Бавелна динчунна! Цул тІаьхьа, къемате ирча а, чІогІа онда а долуш, доьалгІа экха а гира суна буса дуьхьалхІиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагІий дІакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маІа а яра. ТІаккха доьалгІачу экханах лаьцна бакъдерг хаа лиира суна. И экха вукхарах тера доцуш, къемате ирча дара. Аьчка цергаш а, цІестан мІараш а яра цуьнан. Юуш, отуш, йиснарг когашца хьоьшуш дара иза. МаьІна а деш, соьга иштта элира: „ДоьалгІа экха – иза Лаьтта тІехь, массо а кхечу пачхьалкхех тера а йоцуш, йоьалгІа пачхьалкх хир ю бохург ду. Дерриге а Латта цу пачхьалкхо Іуьйшуш, хьоьшуш, отуш хир ду. Амма Везачу Элан ойланаш царна ца евза, Иза дан воллучух а уьш ца кхета. Цо, хьаьтта цІевнаш санна, шаьш схьагулдина хиларх а ца кхета. Везачу Эло боху: «Цийонан йоІ, хьалагІатта, ялта ара! ХІунда аьлча Ас, аьчка маІаш а, цІестан бергаш а йолу сту санна, онда хуьлуьйтур ю хьо. Ахьа дукха халкъаш хІаллакдийр ду. Ахь цара нахера дІадаьккхинарг а, церан хьал а дерриге а дуьненан Олахо волчу Везачу Элана дІалур ду». Везачу Эло хашадхойн паччахь яхІудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цІа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоІарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дІабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. Церан бераш царна хьалха хьошур ду, церан цІеношкахь талораш дийр ду, церан зударий сийсазбийр бу. Церан Іедаша кегий нах эгор бу. Аганара бераш а кхоадийр дац цара, берех а къинхетам бийр бац цара.
Выбор основного перевода