Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду. Хан тІееача, церан ког галбер бу. Церан хІаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тІекхочу“. Веза Эла, Хьо – бекхам беш волу Эла ву, лепаш дІахІоттахьа, бекхам беш волу Дела! ГІаттахьа, дуьненан Кхелахо, курачарна бекхам бехьа. Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагІашна бекхам бийр бу, хІордан йистерчу халкъашна а царна доггІург дІалур ду. Довдий, дІагІо Бавелера, хІораммо а шайн синош кІелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хІаллак ца хила. ХІара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггІург дІало зама а ю. «Ткъа хІинца ЯхІудхойн бІаьргашна хьалха Ас дІадоькхур ду Бавелан къомана а, хашадхойн махкахь мел бехаш болчарна а цара Цийон-лам тІехь мел дина вон бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Цул тІаьхьа стигал а, латта а, царна тІехь мел дерг а даккхийдеш хир ду Бавелна хилларг бахьана долуш, хІунда аьлча къилбаседехьара хІаллакдо эскарш тІелетар ду, – боху Везачу Эло. Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло». Вайна хаьа, хІара дешнаш Хьан аьлла: «Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду». Кхин а: «Везачу Эло Шен халкъана кхел йийр ю».
Выбор основного перевода