Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна хаьа, Везачу Эло гІело хьоьгучеран къовсам а къастор бу, пекъарна нийсо а хуьлуьйтур юйла. Амма уьш ПаргІатбохург чІогІа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гІуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гІайгІа а кхуллуш». Йокъа хІоттае Бавеларчу хишна тІе, уьш долу меттигаш якъа а еш, хІунда аьлча Бавел – цІуйн мохк бу, ткъа оцу дегазчу цІуша уьш хьерабоху. Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло».
Выбор основного перевода