Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха хІорра а, эккхийна сай санна, дІатесна дитина уьстагІий санна, шен халкъана тІе гІур ву, шен махка водур ву. ХІаллакве Бавел-махкахь латта дІадуьйш верг а, ялта схьагулдечу хенахь карахь марс берг а. МостагІийн туьрах кІелхьарвалархьама, кхечу къомах верг хІорра а шен къам долчу юхаверза веза, хІорра а шен махка ведда дІаваха веза». Йоккха гІала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гІаланаш хІаллакьхилира. Йоккха Бавел-гІала Шена дагахь йолу дела, Дала таІзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгІазечу дераллин чагІар дІамалийтира цуьнга. ТІаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гІали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама. Цуьнан къинош стигала хьалакхаччал ду. Ткъа цуьнан харцонаш Далла дагахь ю.
Выбор основного перевода