Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо Кхоьллинарг ву хьан майра – Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Хьо ПаргІатъяьккхинарг Исраилан халкъан Веза Дела ву, Цунах дерриге а лаьттан Дела олу. Везачу Эло кхойкху хьоьга, йитина а, дог доьхна а йолчу зудчуьнга санна, жимачу хенахь ялийна а, юха дІатесна а йолчу зудчуьнга санна, – боху хьан Дала. – КІеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо. ОьгІазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», – боху хьо КІелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло. «Оцу наха дуьйцучун тидам биний ахь? Цара олу: „Ша хаьржина долу ши халкъ Везачу Эло Шена уллора дІатеттина“. Сан халкъ царна дола хета, хІинца иза Сан къам кхин ца хета царна. Амма Веза Эла волчу Аса боху: нагахь дийнаца а, буьйсанца а Айса бина барт а, иштта стигалах а, лаьттах а долу весеташ а Айса чІагІ ца динехьара, тІаккха Аса Якъубан а, Сан ялхо волчу Даудан а тІаьхье дІатоттур яра, иштта ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а тІаьхьенашна тІехь паччахьалла дан Даудан тІаьхьенах цхьаъ хоржур вацара. Делахь а, Сан къоман аьтто Аса юхаметтахІоттор бу, царах къинхетам а бийр бу». «Шу, сакъералуш, ирсе лелаш дара, Сан латта дІалацарна. КІа оруш долу дуьхьарг санна, сакъералуш а, кхиссалуш а дара шу, тІемалойн говраш санна, терсаш дара шу. «Бавел-гІалина тІелата схьакхайкха массо а секхаІад карахь долчаьрга. Схьаваийта хІора секхаІад дула хууш верг. ГІалина го бе, цигара цхьа а ведда кІелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хІунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Везаниг волчу! Байлахь дуьтур дац Ас шу. ВогІур ву Со шу долчу.
Выбор основного перевода