Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас царна дуьхьал мадайхой бохур бу, ткъа цара дети а ца лору, иштта деших а дезар ца оьцу. Дошлой, шайн говраш тІе нуьйраш а тахкий, царна тІе а ховший, шайн гІемаш дІатахка. Иштта гІаьгІнаш тІедуха, гоьмукъаш а ирде“. Къилбаседера къам Бавел-махкана тІегІертар ду, цунах яьсса аре а йина, дІа а хІоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дІагІур ду». Ас къилбаседехьара Бавелна тІе дуккха а даккхий къаьмнаш далор ду. Уьш цунна дуьххьал дІахІуьттур ду, ткъа Бавел цара схьайоккхур ю. МостагІийн пхерчий дика тІемалой санна ду, тІам тІера даьссачу куьйгашца юха ца боьрзуш болу. (КІелхьардовлархьама Бавел-махкара дІаидинчу адамаша бохучуьнга ладогІа! Цийон-лам тІе схьа а баьхкина, цара дуьйцу вайн Везачу Дала динчух лаьцна. Шен дезачу цІенна динчунна Цо бекхам барх лаьцна дуьйцу цара.) «ДІакхайкхаде иза кхечу къаьмнашна юкъахь: „ТІамана кечам бе, иракарахІиттабе доьналла долу эскархой, дуьхьалбовлийта массо а тІемалой. Шайн готанийн хьонхалех тарраш де, маьрсех – гоьмукъаш бе. ГІорасиза волчо а ала: ‘Со ницкъ болуш ву’.
Выбор основного перевода