7
ЯхІудхойн эскаран хьаькамашна а, иштта кху махкахь бисина болчу тІемалошна а, кхечу нахана а дІахезира, Бавелан паччахьо Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу мехкан куьйгалхо хІоттийна аьлла. Бавеле дІа ца буьгуш бисина болчу мехкан уггар къечу божаршна а, зударшна а, берашна а тІехь цо Іуналла дан деза бохуш, хезира царна.