Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна. Цо къекъийтича, стигалан хиша гІовгІа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогІанаш а догІуш, Цо хаьштигаш до, Шен чІоьнашна чуьра мох а арабоккху. ХІора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХІора куьпчи ша винчу цІуно юьхьІаьржачу хІоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Іаь а, са а дац. Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тІепаза йовр ю. Амма Якъубан тІаьхьенан Дела иштта вац, хІунда аьлча Иза массо а хІуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю. Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий. Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хІаваъ хуьлийла». Цо цхьаммо стигал дІасаяржайо, Иза ву хІордан тулгІенаш тІехула лелаш верг. Ахь оба санна, тІеюхуш ерг серло ю, четар санна дІасаяржийна Ахьа стигал а. Лаьттан гон тІехула йолчу Іарш тІехь Іаш ву Иза, адамаш цаьпцалгаш санна ду Цунна хьалха. Цо стигал дІасаяржийна, дуткъа кІади санна, чохь Іан дина четар санна, дІахІоттийна иза. «ХІара хІун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цІушна тІера стигал а, латта а, хІордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тІедерзийтархьама. ХІунда аьлча, гуш а боцуш, ткъа даим болуш болу Делан ницкъ а, Цуьнан Дела хилар а гуш ду, Дала дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна. Массо а кхоьллинчу хІуманах церан кхета таро ю, цундела оцу адамийн бехказадовлийла яц Дела царна ца вовзарна.
Выбор основного перевода