Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІеххьана Цо лаьмнаш меттахдоху, Шен оьгІазаллехь уьш харца а до. «Хьо чІогІа кура ду, Бавелан къам, цундела Со хьуна дуьхьалваьлла, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. – ТІекхаьчна хьуна таІзар дан деза хан. Ва боккха лам, хьо хІун ю? Зурбабелана хьалха хьох шера аре хир ма ю! Цо тІаьххьара тІулг буьллучу хенахь, наха гІовгІа йоккхур ю: ‘Далла бу хастам! Цуьнан дикачун дуьхьа ду иза!’ – бохуш“». ШолгІачу малико а турба лекхира. ТІаккха, богуш болчу ломах тера йолу цхьа йоккха хІума хІорда чу а кхоьссина, хІордийн кхоалгІа дакъа цІий хилла дІахІоьттира. Цундела цхьана дийнахь богІур бу цунна тІе цуьнан баланаш: ялар а, гІайгІане хилар а, мацалла а. И гІала цІергахь йогур ю, хІунда аьлча ницкъ болуш ву цунна кхел йо Веза Дела». ТІаккха, и гІала йогуш, цунах хьалабаьлла кІур шайна гича, цу гІалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу.
Выбор основного перевода