Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Абаден абаде даллалц, бахархой хир бац цунна чохь, массо а тІейогІучу тІаьхьенашкахь цигахь стаг Іийр вац. Іаьрбичо шен четар а хІоттор дац цигахь, шайн жеца садоІуш Іуй а Іийр бац. Амма хІинца шун нана юьхьІаьржачу хІуттур ю, шу дина болчу Бавел-махкана эхь хетар ду. Кхечу къаьмнашна юкъахь Бавел уггар кІезигниг хир ду. Бавел-мохк яьсса аре а, декъа латта а хир ду.
Выбор основного перевода