Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьарчийна тептар схьа а эций, Исраилан къомах а, ЯхІудан къомах а, массо а кхечу къаьмнех а лаьцна Аса хьоьга мел дийцинарг дІаязде. Юши-ЯхІу паччахьаллехь волуш Со хьоьга дуьххьара вистхиллачу хенахь дуьйна хІара де тІекхаччалц Аса хьайга бина хаамаш дІаязбе. ТІаккха Ярми-ЯхІус Нери-ЯхІун кІант Барух схьакхайкхира. Везачу Эло шега мел аьлла дешнаш Ярми-ЯхІус дІа а олуш, Баруха уьш хьарчийначу тептар тІе дІаяздора. Цара Везачу Эле шайн дехарш дан ма мега, уьш шайн вочу новкъах дІабовла ма мега, хІунда аьлча Везачу Эло оцу къомана дІакхайкхийна оьгІазалла а, дералла а чІогІа йоккха ю». Ярми-ЯхІус, хьарчийна тептар схьа а эцна, йозанча волчу Нери-ЯхІун кІанте Барухе дІаделира. Цул тІаьхьа яхІудхойн паччахь волчу ЯхІу-Якхама дагийначу тептар тІехь мел хилла дешнаш Ярми-ЯхІус дІа а олуш, Баруха уьш керлачу тептар тІе дІаяздира. Цу дешнаш тІе цу тайпана кхин а дуккха а кхидолу дешнаш а дара дІаяздина. Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамарехула хашадхойн мохк болчу Бавелах лаьцна бина хаам хІара бу: «Массо а халкъашка дІахаийта, байракх хьала а айъаяй, къайла а ца доккхуш, дІадийца: „Бавел-гІала схьаяьккхина, Вел-харцдела юьхьІаьржачу хІоьттина, Мардух-харцдела дог доьхна ву, Бавелан суьрташ юьхьІаьржачу хІиттина, цуьнан цІуш дог доьхна а бу“. Къилбаседера къам Бавел-махкана тІегІертар ду, цунах яьсса аре а йина, дІа а хІоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дІагІур ду». «Оцу деношкахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къам а, ЯхІудан къам а, цхьаьна доьлхуш лелар ду, шайн Веза Дела а лохуш. Цара Цийон-ломана тІе боьдуш болу некъ хоьттур бу, цу агІор дІа а хьоьжуш, уьш цига гІур бу. Схьа а баьхкина, массо а ханна болу, цкъа а бицлур боцу барт а беш, шаьш Везачу Элаца боьхкур бу цара. Сан къам, тиладелла лелаш долу уьстагІий санна, дара. Церан Іуша, нийсачу новкъа тІера дІа а даьхна, лаьмнаш юккъехула дІасалаьхкинера уьш. Лам тІера гунна тІе довлуш, шайн Іаш йолу меттиг а йицйина, дІасалелара уьш. Сан халкъана дуьхьал мел кхеттарг, царна вонаш деш вара. Церан мостагІаша бохура: „Тхо бехке дац, хІунда аьлча цара Везачу Элана дуьхьал къинош летийна. Веза Эла церан бакъйолу Іаш йолу меттиг ю, ткъа Цунах церан дай тешна Іаш бара“. ДІагІо Бавелера, бита хашадхойн мохк, жена хьалха яьлла йоьду бож санна хилий, дІахІотта. Ас къилбаседехьара Бавелна тІе дуккха а даккхий къаьмнаш далор ду. Уьш цунна дуьххьал дІахІуьттур ду, ткъа Бавел цара схьайоккхур ю. МостагІийн пхерчий дика тІемалой санна ду, тІам тІера даьссачу куьйгашца юха ца боьрзуш болу. Хашадхойн берриг а махкахула хІонс схьаоьцур ю, ткъа махкана къола деш берш хІонсах Іаьбна хир бу», – боху Везачу Эло. «Шу, сакъералуш, ирсе лелаш дара, Сан латта дІалацарна. КІа оруш долу дуьхьарг санна, сакъералуш а, кхиссалуш а дара шу, тІемалойн говраш санна, терсаш дара шу. Амма хІинца шун нана юьхьІаьржачу хІуттур ю, шу дина болчу Бавел-махкана эхь хетар ду. Кхечу къаьмнашна юкъахь Бавел уггар кІезигниг хир ду. Бавел-мохк яьсса аре а, декъа латта а хир ду. Везачу Элан оьгІазло бахьана долуш, цхьа а стаг Бавелехь вехаш хир вац, ерриг а и меттиг яссалур ю. ГІалина уллохула тІех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шена гича. Бавелна го а бай, тІамана кечло. СекхаІедаш кхуьссурш, гІалехьа дІахеца шайн пхерчий, уьш кхоа а ма де, хІунда аьлча цо Везачу Элана дуьхьал къа латийна. ТІеман маьхьарий детташ, цунна го бай, дІахІитта. Тахана ша мостагІийн кара дІаелла Бавел-гІалано, йохийна цуьнан бІаьвнаш, цуьнан пенаш охьаэгна. Веза Эла волчу Аса цунна бекхам беш хиларна, аша а бекхам бе цунна. Цо кхечу къаьмнашна тІехь деш дерг аша а де цунна тІехь. ХІаллакве Бавел-махкахь латта дІадуьйш верг а, ялта схьагулдечу хенахь карахь марс берг а. МостагІийн туьрах кІелхьарвалархьама, кхечу къомах верг хІорра а шен къам долчу юхаверза веза, хІорра а шен махка ведда дІаваха веза». «Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьІІехула дІасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дІакхаьллина, тІаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьІахкаш аьтта». Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса кестта таІзар дийр ду Бавелан паччахьна а, цуьнан махкана а, Ашур-мехкан паччахьна таІзар ма-дарра. Ас юхадерзор ду Исраилан къам шен дежийле: иза децаш лелар ду Кармал-лам болчохь а, Башан-махкахь а, ткъа ша Эпрайм-лам тІехь а, ГалІадехь а дузур ду. Цу заманахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къомана юкъахь къинош лоьхур ду, амма уьш хир дац, ЯхІудан къомана юкъахь зуламаш лоьхур ду, амма уьш а карор дац, хІунда аьлча Айса дийна битинчеран къиношна гечдийр ду Аса». «ТІелата Мератайман лаьттана а, Пакхудан бахархошна а. Царна тІаьхьа а бевлла, уьш кхоччуш хІаллакбе, – боху Везачу Эло. – Аса шайна тІе мел диллинарг де. ТІеман а, боккхачу бохаман а гІовгІа ю массо а махкахула схьахезаш ерг. Ма йохийна, кагйина дІаяьккхина-кх дуьненан варзап йолу Бавел! Ма инзардевли-кх халкъаш Бавелна динчунна! Ас гураш доьгІнера хьуна, Бавел, хІинца, хьайна а ца хууш, хьо цара дІалаьцна. Веза Эла волчу Суна хьо дуьхьал яьллера, цундела хьо, кара а йина, дІалаьцна. Везачу Эло Шен дІадуьллийла йолчуьра оьгІазаллин герзаш схьаэцна, хІунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан дан дезаш гІуллакхаш ду хашадхойн лаьтта тІехь. Массо а маьІІера Бавелна тІе гІорта! НеІарш а кегъеш, схьаелла церан ялта Іалашдо меттигаш! Бавелах хоттан саьлнаш е! Массо а хІума, буха ца дуьтуш, дохадай, дІадаккха. Массо а тІемалой, байий, дІабаха! Стерчий санна, байархьама дІабига уьш! Къа ду церан! Царна таІзар дан деза де тІекхаьчна». (КІелхьардовлархьама Бавел-махкара дІаидинчу адамаша бохучуьнга ладогІа! Цийон-лам тІе схьа а баьхкина, цара дуьйцу вайн Везачу Дала динчух лаьцна. Шен дезачу цІенна динчунна Цо бекхам барх лаьцна дуьйцу цара.) «Бавел-гІалина тІелата схьакхайкха массо а секхаІад карахь долчаьрга. Схьаваийта хІора секхаІад дула хууш верг. ГІалина го бе, цигара цхьа а ведда кІелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хІунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Везаниг волчу! Кегий нах хІаллакьхир бу цуьнан урамашкахь, ткъа оцу дийнахь цуьнан берриг а тІемалой а бойур бу», – боху Везачу Эло. «Хьо чІогІа кура ду, Бавелан къам, цундела Со хьуна дуьхьалваьлла, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. – ТІекхаьчна хьуна таІзар дан деза хан. Ког а тасабелла, охьакхетар ю кура Бавел, хьалагІатта цунна цхьаммо а гІо а дийр дац. Ас цуьнан гІаланех цІе латор ю, цу цІеро гонах массо а хІума дагийна дІадоккхур ду». Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Йийсарехь болчу исраилхошна а, яхІудхошна а гІело йо. Уьш дІабигна массара а дІалаьцна латтош бу, ткъа царна уьш схьахеца а ца лаьа. Амма уьш ПаргІатбохург чІогІа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гІуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гІайгІа а кхуллуш». Везачу Эло боху: «Тур тоха хашадхошна! Тур тоха Бавелехь бехаш болчарна, церан баьччанашна а, хьекъалчашна а! Тур тоха церан динан дайшна, уьш кхетамчуьра а бохуш. Тур тоха церан тІемалошна, уьш къематах а бузуш. Тур тоха церан говрашна а, гІудалкхашна а, шайна юкъахь болчу тІелаьцначу тІемалошна а, уьш, зударий санна, кхоьруьйтуш. Тур тоха церан хазнашна, уьш хІонс санна дІаса а йохуьйтуш. Йокъа хІоттае Бавеларчу хишна тІе, уьш долу меттигаш якъа а еш, хІунда аьлча Бавел – цІуйн мохк бу, ткъа оцу дегазчу цІуша уьш хьерабоху. Яьссачу аренийн акхарой а, чангІалкхаш а Бавелехь ехар ю, иштта бухІанаш а хир ю кху лаьтта тІехь ехаш. Адамаш цигахь цкъа а дехар дац, массо а тІейогІучу тІаьхьенашна цкъа а стаг цигахь Іаш хир вац. Везачу Эло Седам-гІала а, Іамор-гІала а, царна гонах йолу ярташ а йохийна дІаяхаре терра, – боху Везачу Эло, – иштта Бавелаца хир ду. Цигахь цхьа а адам дехаш хир дац, цхьа а стаг цигахь кхин соцур вац. Хьовсал, къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам. Церан карахь гоьмукъаш а, секхаІедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богІучу хенахь, карзахбаьллачу хІордах тера бу. Хьоьца тІом бан кийча бу уьш. Церан Іалашо – хьуна тІелатар ю, Бавел. Царах лаьцна Бавелан паччахье хаам кхаьчча, цуьнан куьйгаш гІелделла охьадахара. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара цуьнгахь. Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана бавелхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарвалалур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур вара Суна дуьхьал? ЛадогІал Веза Эла волчу Ас Бавел-гІалин бахархошна дан леринчуьнга, иштта хашадхойн махкана Аса дан леринчуьнга а. Ас чІагІо йо, жа санна долчу Бавелан къома чуьра къонахой дІакхоьхьур бу. Ас чІагІо йо, церан латта Аса хІаллакдийр ду, цара мел лелийнарг бахьана долуш. Бавел схьаяьккхина яьллачу гІовгІано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий къаьмнашна юкъахь дІахезаш хир ду». Иштта боху Везачу Эло: «Ас Бавелна а, Лев-Кхамай-мехкан бахархошна а тІе хІаллакбо мох хьокхуьйтур бу. Хийра нах Ас Бавелан къомана тІегІуртуьйтур бу. ИрхдугІучу хенахь кегаш мохо дІахьакхаре терра, цара бавелхойн мохк бассор бу. Цунна тІе бохам бечу дийнахь массо а агІор оцу махкана го бийр бу цара. СекхаІад кхуссучарна шайн Іад дула я шайн гІаьгІнаш тІедуха хан ма ло. Бавелхойн кегий нах ма кхоабе! Дерриг а церан эскар, дохадай, хІаллакде! Хашадхойн лаьтта тІехь Іохкур бу байинарш, чевнаш хилларш а цигарчу некъаш тІехь Іохкур бу». Шайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Исраилан къам а, ЯхІудан къам а, йисина Іаш йолу зуда санна, ца дитина, церан мохк Исраилан Везачунна дуьхьал летийначу къинойх дуьзна делахь а. Довдий, дІагІо Бавелера, хІораммо а шайн синош кІелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хІаллак ца хила. ХІара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггІург дІало зама а ю. Бавел Везачу Элан карахь дашо кад бара, дерриг а дуьне дахош болу. Къаьмнаша чагІар молура цу кеда чуьра, ткъа цул тІаьхьа, кхетам чуьра а довлий, лелара уьш. Амма цІеххьана буьйжира Бавел-мохк, хІаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна. «Тхо иза тобан гІиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хІора а вайн махка дІагІур ду вай, хІунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тІе хьалаяллал ю». Сан халкъо боху: «Везачу Эло нийсонца вай меттахІиттийна, ткъа вай хІинца, Цийон-лам тІе а дахана, дІадийца деза вайн Везачу Дала динарг». Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хІунда аьлча Иза Бавелан къам хІаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цІенна динарг бахьана долуш. ТІеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий! Байракх хьалаайарца омра де Бавел-гІалин пенашна тІелата, гІарол а чІагІде, массо а меттехь гІаролхой дІа а хІиттош, мостагІчунна кІелонаш а кечъе!» Везачу Эло Бавелан бахархошна Ша дан леринарг дерриг а кхочушдийр ду. Дукха хишна уллохь Іаш йолу а, шортта хазнаш йолу а Бавел-гІала, хьан чаккхе тІекхаьчна, хьан дахар дІахеда хан тІееана. Массо а ницкъийн Везачу Эло Шех чІагІо йина: «Бавел, Ас хьуна чу, цІоз санна, дукха адамаш хоьцур ду, хьуна тІехь толам баккхарна цара маьхьарий а хьоькхур ду». Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна. Цо къекъийтича, стигалан хиша гІовгІа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогІанаш а догІуш, Цо хаьштигаш туху, Шен чІоьнашна чуьра мох а арабоккху. ХІора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХІора куьпчи ша винчу цІуно юьхьІаьржачу хІоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Іаь а, са а дац. Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тІепаза йовр ю. Амма Якъубан тІаьхьенан Дела иштта вац, хІунда аьлча Иза массо а хІуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю. Везачу Эло боху: «Бавел, хьо – Сан тІеман диг ду, хьо – Сан тІеман герз ду. Хьоьца Ас халкъаш а хьошура, хьоьца Ас пачхьалкхаш а хІаллакйора. Хьоьца Ас говр а, цунна тІера бере а хьошура, хьоьца Ас гІудалкх а, иза лоллуш верг а хьошура, хьоьца Аса зуда а, стаг а хьошура, хьоьца Аса воккханиг а, жиманиг а хьошура, хьоьца Аса кІант а, йоІ а хьошура, хьоьца Ас Іу а, жа а хьошура, хьоьца Ас ахархо а, сту а хьошура, хьоьца Ас мехкада а, куьйгалхо а хьошура». «Ткъа хІинца ЯхІудхойн бІаьргашна хьалха Ас дІадоькхур ду Бавелан къомана а, хашадхойн махкахь мел бехаш болчарна а цара Цийон-лам тІехь мел дина вон бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Со хьуна дуьхьалваьлла, Бавел! Хьо дерриг а дуьне хІаллакдеш болу лам санна ю, цундела Ас хьуна тІе Сайн куьг хьур ду, хьо терхеш тІера лаьтта охьа а кхуссуш. Хьо багийна болу лам хир бу. ЦІийнан сонна я цІийнан бухана хьох цхьа а тІулг схьаоьцур бац. Хьо массо а ханна яссаелла дІахІуттур ю», – боху Везачу Эло. «ТІеман байракх хьалаайае! Къаьмнашна юкъахь коьман маІа лакха! Бавел-гІалина тІелата халкъаш кечде! Араратан а, Менин а, Ашкиназан а пачхьалкхаш цунна дуьхьал яха омра де. Царна массарна а тІехь баьчча хІоттаве, цІоз санна дукха говраш а хилийта. Бавелна дуьхьалдаха къаьмнаш кечде. Кечбе мадайхойн паччахьаш а, мехкадай а, куьйгалхой а. Кечде церан олаллехь долу дерриг а мехкаш. Латта лесташ а, хьийзаш а ду, хІунда аьлча Везачу Эло Бавелна дан леринарг кхочушхуьлуш ду. Цунна Бавел-махках чохь адам Іаш доцуш дассийна латта дан лаьа. ТІом бечуьра сецна Бавелан тІемалой, уьш чІагІйинчу меттигашкахь сецна Іаш бу. Ницкъ дІа а баьлла, уьш зударий санна хилла дІахІиттина. ГІаланийн зайлаш бохийна дІабаьхна, ткъа церан цІенош догуш ду. Цхьа геланча вукху геланчина тІаьхьа а кхуьуш, Бавелан паччахье цуьнан гІала массо а маьІІера дІалаьцна лаьтташ ю аьлла, хаам эцна вогІу. Хиш тІера массо а дехьаволийла дІалаьцна лаьтташ ю, гонах йолу уьшалш йогуш ю, тІемалой кхерамо Іадийна». Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: «КІа ара кечъечу хенахь ког таІош йолчу хьаьттарх тера ю Бавел. Жимма хан яьлча, ялта гулдан хан тІекхочур ю». «Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара тхо, дІа а кхаьллина, дакъадаллалц хуьйдина. Цо тхо яьсса пхьегІа санна дІахІиттийра. Саьрмико санна, цо тхо, дІа а кхаьллина, тхан уггар дикачух шен кийра бузийра, ткъа йисинарг дІакхоьссира. Тхуна массарна а йинчу къизаллех Бавелан къам жоьпе озадойла, – боху Цийонан бахархоша. – Оха хьегна баланех хашадхойн мехкан бахархой жоьпе озабойла», – боху ярушалаймхоша. Цундела Везачу Эло боху: «Ярушалаймхой, Аса нийсонца къастор ду шун гІуллакх, ткъа шун мостагІашна бекхам бийр бу. Аса Бавелан хиш схьадовлу меттигаш а, цуьнан хин шовданаш а дакъор ду. Бавел тІулгийн оьла хилла дІахІуттур ю, цунах чангІалкхийн бен хир бу. Бавел гича, нах къемате а хир бу, шок еттарца цунах кхаьрдар бу. Цхьа а стаг цигахь вехаш хир вац. Бавелан бахархой, лоьмаша санна, гІигІ деш лела. Церан гІигІ дар лоьман кІорнин санна ду. Уьш хьагбеллачу хенахь Аса царна той хІоттор ду, уьш баххалц царна малор а ду, уьш дикка сакъералуш ханна тІекхаччалц. Цул тІаьхьа царна массо а ханна наб кхетар ю, уьш цкъа а сама ца бовлучу тайпана, – боху Везачу Эло. – Аса уьш сагІа даккха кечдина Іахарий а, уьстагІий а, гезарий а санна дІахьур бу». Везачу Эло боху: «Ма эшийна ю Шейшак! Ма дІалаьцна ю дерриг а дуьнено хестийнарг! Ма хили-кх Бавел къемате сурт къаьмнашна юкъахь! Бавелна тІехула хІорд баьржина, гІергІаш йолчу тулгІенаша иза дІахьулйина. Цуьнан гІаланаш яссаелла ю, цуьнан латта дакъаделла дІахІоьттина ду. Цигахь вехаш цхьа а вац, цхьа а стаг вер вац цу гІаланашна чухула. Ас Бавелехь таІзар дийр ду Вел-харцдалла: цо дІа мел кхаьллинарг Ас схьатосуьйтур ду. Иза волчу халкъаш кхин оьхур дац! Бавелан пенаш а охьаэгна ду. Арадала Бавелера, Сан халкъ! ХІораммо а шен са кІелхьардаккха Везачу Элан чІогІачу оьгІазлонах. Дог доьхна а ма хила, кхера а ма кхера, махкахула шайна хабарш хезча. Цхьана шарахь цхьа хабар хезар ду шуна, вукху шарахь – важа хабар хезар ду. И хабарш махкахь къизалла ярх лаьцна хир ду, цхьана баьччано вукху баьччанна дуьхьалдаккхарх лаьцна а хир ду и хабарш. Иштта тІекхочуш ду Ас Бавелан цІушна таІзар дийр долу денош. Берриг а цуьнан мохк юьхьІаьржачу хІоттийна хир бу. Массо а махкахула байинчеран декъий Іохкуш хир ду. Цул тІаьхьа стигал а, латта а, царна тІехь мел дерг а даккхийдеш хир ду Бавелна хилларг бахьана долуш, хІунда аьлча къилбаседехьара хІаллакдо эскарш тІелетар ду, – боху Везачу Эло. Бавело исраилхой а, дерриг а дуьненан адамаш а хІаллак-ма-дарра, цуьнан нах а хІаллакбан беза». «Туьрах кІелхьардевлларш, шу Бавелера сихха, ца соьцуш, дІадаха деза. Шаьш геннахь долуш, Веза Эла шайна дагаваийта, Ярушалайм а шайн даг чохь хилийта». Аша боху: «Тхайна сий мел доцург хезча, тхуна чІогІа эхь хетара. Везачу Элан цІийнан кертахь йолчу езачу меттигашна чу кхечу къаьмнех болу нах баьхкича, тхо чІогІа юьхьІаьржачу хІиттина дара». Везачу Эло боху: «ТІекхочуш ду Ас Бавелан цІушна таІзар дийр долу денош. Массанхьа а цуьнан лаьтта тІехь чевнаш хилларш узарш деш хир бу. Бавел стигала кхаччалц лакхаяьлла хилча а, цо цигахь шена яккхий чІагІонаш йина хилча а, Ас тІаккха а цунна тІе нах хьажор бара и гІала йохаяйта», – боху Везачу Эло. Везачу Эло боху: «ЛадогІа! Белхар ду Бавелера схьахезаш, йоккхачу йохоран гІовгІа хеза хашадхойн махкара. Везачу Эло билггал йохор ю Бавел-гІала, цунна чохь мел йолу гІовгІа дІа а туьйш. Яккхий тулгІенаш санна, мостагІий цунна тІегІертар бу, церан буьрса маьхьарий дІа а хозуьйтуш. Бавел йохорхьама эскар цунна тІегІертар ду. Цуьнан тІемалой йийсаре буьгур бу, кегдина хир ду церан секхаІедаш. Веза Эла – бекхаман Дела ву, Цо кхоччуш бекхам бийр бу. Ас малор ду церан баьччанашна а, хьекъалчашна а, мехкадайшна а, меттиган куьйгалхошна а, иштта церан тІемалошна а. Царна массо а ханна, кхин сама а ца бовлуш, наб кхетар ю» – боху Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Бавелан стаммий пенаш баххаш тІе кхаччалц дохор ду, цуьнан лекха кевнаш а цІерца дагор ду. Халкъаша къахьегнарг эрна хир ду, къаьмнаша бина болх цІеро багийна хир бу».
Выбор основного перевода