Toggle navigation
Главная
Переводы Библии
Комментарии к Библии
Библейские словари и энциклопедии
Новости
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Сделайте выбор
Комментарии Баркли
Новая Женевская Учебная Библия
Толкование Златоуста
Учебная Библия МакАртура
Толкование Жана Кальвина
Комментарии МакДональда к Библии
Серия комментариев МакАртура
Толкование Мэтью Генри
Толковая Библия Лопухина
Толкование Далласской семинарии
Толкование Блаженного Феофилакта Болгарского
Новый Библейский Комментарий
Комментарии Давида Стерна к Новому Завету
Комментарии Сперджена
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Ветхий Завет
Ветхий Завет
Бытие
Ветхий Завет
Книга Бытие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исход
Ветхий Завет
Книга Исход в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Левит
Ветхий Завет
Книга Левит в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Числа
Ветхий Завет
Книга Числа в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Второзаконие
Ветхий Завет
Книга Второзаконие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иисус Навин
Ветхий Завет
Книга Иисус Навин в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Судьи
Ветхий Завет
Книга Судьи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Руфь
Ветхий Завет
Книга Руфь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Царств
Ветхий Завет
Книга 1. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Царств
Ветхий Завет
Книга 2. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Царств
Ветхий Завет
Книга 3. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
4. Царств
Ветхий Завет
Книга 4. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 1. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 2. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Ездра
Ветхий Завет
Книга Ездра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Неемия
Ветхий Завет
Книга Неемия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Есфирь
Ветхий Завет
Книга Есфирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иов
Ветхий Завет
Книга Иов в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Псалтирь
Ветхий Завет
Книга Псалтирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Притчи
Ветхий Завет
Книга Притчи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Екклесиаст
Ветхий Завет
Книга Екклесиаст в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Песня Песней
Ветхий Завет
Книга Песня Песней в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исаия
Ветхий Завет
Книга Исаия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иеремия
Ветхий Завет
Книга Иеремия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Плач Иеремии
Ветхий Завет
Книга Плач Иеремии в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иезекииль
Ветхий Завет
Книга Иезекииль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Даниил
Ветхий Завет
Книга Даниил в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Осия
Ветхий Завет
Книга Осия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иоиль
Ветхий Завет
Книга Иоиль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Амос
Ветхий Завет
Книга Амос в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Авдий
Ветхий Завет
Книга Авдий в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иона
Ветхий Завет
Книга Иона в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Михей
Ветхий Завет
Книга Михей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Наум
Ветхий Завет
Книга Наум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аввакум
Ветхий Завет
Книга Аввакум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Софония
Ветхий Завет
Книга Софония в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аггей
Ветхий Завет
Книга Аггей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Захария
Ветхий Завет
Книга Захария в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Малахия
Ветхий Завет
Книга Малахия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Новый Завет
От Матфея
Новый Завет
Книга От Матфея в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Марка
Новый Завет
Книга От Марка в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Луки
Новый Завет
Книга От Луки в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Иоанна
Новый Завет
Книга От Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Деяния
Новый Завет
Книга Деяния в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иакова
Новый Завет
Книга Иакова в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Петра
Новый Завет
Книга 1. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Петра
Новый Завет
Книга 2. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Иоанна
Новый Завет
Книга 1. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Иоанна
Новый Завет
Книга 2. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Иоанна
Новый Завет
Книга 3. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иуды
Новый Завет
Книга Иуды в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Римлянам
Новый Завет
Книга К Римлянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Коринфянам
Новый Завет
Книга 1. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Коринфянам
Новый Завет
Книга 2. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Галатам
Новый Завет
Книга К Галатам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Ефесянам
Новый Завет
Книга К Ефесянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филиппийцам
Новый Завет
Книга К Филиппийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Колоссянам
Новый Завет
Книга К Колоссянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 1. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 2. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Тимофею
Новый Завет
Книга 1. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Тимофею
Новый Завет
Книга 2. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Титу
Новый Завет
Книга К Титу в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филимону
Новый Завет
Книга К Филимону в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Евреям
Новый Завет
Книга К Евреям в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Откровение
Новый Завет
Книга Откровение в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
← Предыдущая
Иеремия
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
1
Иштта боху Везачу Эло: «Ас Бавелна а, Лев-Кхамай-мехкан бахархошна а тІе хІаллакбо мох хьокхуьйтур бу.
2
Хийра нах Ас Бавелан къомана тІегІуртуьйтур бу. ИрхдугІучу хенахь кегаш мохо дІахьакхаре терра, цара бавелхойн мохк бассор бу. Цунна тІе бохам бечу дийнахь массо а агІор оцу махкана го бийр бу цара.
3
СекхаІад кхуссучарна шайн Іад дула я шайн гІаьгІнаш тІедуха хан ма ло. Бавелхойн кегий нах ма кхоабе! Дерриг а церан эскар, дохадай, хІаллакде!
4
Хашадхойн лаьтта тІехь Іохкур бу байинарш, чевнаш хилларш а цигарчу некъаш тІехь Іохкур бу».
5
Шайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Исраилан къам а, ЯхІудан къам а, йисина Іаш йолу зуда санна, ца дитина, церан мохк Исраилан Везачунна дуьхьал летийначу къинойх дуьзна делахь а.
6
Довдий, дІагІо Бавелера, хІораммо а шайн синош кІелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хІаллак ца хила. ХІара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггІург дІало зама а ю.
7
Бавел Везачу Элан карахь дашо кад бара, дерриг а дуьне дахош болу. Къаьмнаша чагІар молура цу кеда чуьра, ткъа цул тІаьхьа, кхетам чуьра а довлий, лелара уьш.
8
Амма цІеххьана буьйжира Бавел-мохк, хІаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна.
9
«Тхо иза тобан гІиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хІора а вайн махка дІагІур ду вай, хІунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тІе хьалаяллал ю».
10
Сан халкъо боху: «Везачу Эло нийсонца вай меттахІиттийна, ткъа вай хІинца, Цийон-лам тІе а дахана, дІадийца деза вайн Везачу Дала динарг».
11
Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хІунда аьлча Иза Бавелан къам хІаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цІенна динарг бахьана долуш. ТІеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий!
12
Байракх хьалаайарца омра де Бавел-гІалин пенашна тІелата, гІарол а чІагІде, массо а меттехь гІаролхой дІа а хІиттош, мостагІчунна кІелонаш а кечъе!» Везачу Эло Бавелан бахархошна Ша дан леринарг дерриг а кхочушдийр ду.
13
Дукха хишна уллохь Іаш йолу а, шортта хазнаш йолу а Бавел-гІала, хьан чаккхе тІекхаьчна, хьан дахар дІахеда хан тІееана.
14
Массо а ницкъийн Везачу Эло Шех чІагІо йина: «Бавел, Ас хьуна чу, цІоз санна, дукха адамаш хоьцур ду, хьуна тІехь толам баккхарна цара маьхьарий а хьоькхур ду».
15
Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна.
16
Цо къекъийтича, стигалан хиша гІовгІа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогІанаш а догІуш, Цо хаьштигаш туху, Шен чІоьнашна чуьра мох а арабоккху.
17
ХІора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХІора куьпчи ша винчу цІуно юьхьІаьржачу хІоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Іаь а, са а дац.
18
Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тІепаза йовр ю.
19
Амма Якъубан тІаьхьенан Дела иштта вац, хІунда аьлча Иза массо а хІуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
20
Везачу Эло боху: «Бавел, хьо – Сан тІеман диг ду, хьо – Сан тІеман герз ду. Хьоьца Ас халкъаш а хьошура, хьоьца Ас пачхьалкхаш а хІаллакйора.
21
Хьоьца Ас говр а, цунна тІера бере а хьошура, хьоьца Ас гІудалкх а, иза лоллуш верг а хьошура,
22
хьоьца Аса зуда а, стаг а хьошура, хьоьца Аса воккханиг а, жиманиг а хьошура, хьоьца Аса кІант а, йоІ а хьошура,
23
хьоьца Ас Іу а, жа а хьошура, хьоьца Ас ахархо а, сту а хьошура, хьоьца Ас мехкада а, куьйгалхо а хьошура».
24
«Ткъа хІинца ЯхІудхойн бІаьргашна хьалха Ас дІадоькхур ду Бавелан къомана а, хашадхойн махкахь мел бехаш болчарна а цара Цийон-лам тІехь мел дина вон бахьана долуш, – боху Везачу Эло. –
25
Со хьуна дуьхьалваьлла, Бавел! Хьо дерриг а дуьне хІаллакдеш болу лам санна ю, цундела Ас хьуна тІе Сайн куьг хьур ду, хьо терхеш тІера лаьтта охьа а кхуссуш. Хьо багийна болу лам хир бу.
26
ЦІийнан сонна я цІийнан бухана хьох цхьа а тІулг схьаоьцур бац. Хьо массо а ханна яссаелла дІахІуттур ю», – боху Везачу Эло.
27
«ТІеман байракх хьалаайае! Къаьмнашна юкъахь коьман маІа лакха! Бавел-гІалина тІелата халкъаш кечде! Араратан а, Менин а, Ашкиназан а пачхьалкхаш цунна дуьхьал яха омра де. Царна массарна а тІехь баьчча хІоттаве, цІоз санна дукха говраш а хилийта.
28
Бавелна дуьхьалдаха къаьмнаш кечде. Кечбе мадайхойн паччахьаш а, мехкадай а, куьйгалхой а. Кечде церан олаллехь долу дерриг а мехкаш.
29
Латта лесташ а, хьийзаш а ду, хІунда аьлча Везачу Эло Бавелна дан леринарг кхочушхуьлуш ду. Цунна Бавел-махках чохь адам Іаш доцуш дассийна латта дан лаьа.
30
ТІом бечуьра сецна Бавелан тІемалой, уьш чІагІйинчу меттигашкахь сецна Іаш бу. Ницкъ дІа а баьлла, уьш зударий санна хилла дІахІиттина. ГІаланийн зайлаш бохийна дІабаьхна, ткъа церан цІенош догуш ду.
31
Цхьа геланча вукху геланчина тІаьхьа а кхуьуш, Бавелан паччахье цуьнан гІала массо а маьІІера дІалаьцна лаьтташ ю аьлла, хаам эцна вогІу.
32
Хиш тІера массо а дехьаволийла дІалаьцна лаьтташ ю, гонах йолу уьшалш йогуш ю, тІемалой кхерамо Іадийна».
33
Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: «КІа ара кечъечу хенахь ког таІош йолчу хьаьттарх тера ю Бавел. Жимма хан яьлча, ялта гулдан хан тІекхочур ю».
34
«Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара тхо, дІа а кхаьллина, дакъадаллалц хуьйдина. Цо тхо яьсса пхьегІа санна дІахІиттийра. Саьрмико санна, цо тхо, дІа а кхаьллина, тхан уггар дикачух шен кийра бузийра, ткъа йисинарг дІакхоьссира.
35
Тхуна массарна а йинчу къизаллех Бавелан къам жоьпе озадойла, – боху Цийонан бахархоша. – Оха хьегна баланех хашадхойн мехкан бахархой жоьпе озабойла», – боху ярушалаймхоша.
36
Цундела Везачу Эло боху: «Ярушалаймхой, Аса нийсонца къастор ду шун гІуллакх, ткъа шун мостагІашна бекхам бийр бу. Аса Бавелан хиш схьадовлу меттигаш а, цуьнан хин шовданаш а дакъор ду.
37
Бавел тІулгийн оьла хилла дІахІуттур ю, цунах чангІалкхийн бен хир бу. Бавел гича, нах къемате а хир бу, шок еттарца цунах кхаьрдар бу. Цхьа а стаг цигахь вехаш хир вац.
38
Бавелан бахархой, лоьмаша санна, гІигІ деш лела. Церан гІигІ дар лоьман кІорнин санна ду.
39
Уьш хьагбеллачу хенахь Аса царна той хІоттор ду, уьш баххалц царна малор а ду, уьш дикка сакъералуш ханна тІекхаччалц. Цул тІаьхьа царна массо а ханна наб кхетар ю, уьш цкъа а сама ца бовлучу тайпана, – боху Везачу Эло. –
40
Аса уьш сагІа даккха кечдина Іахарий а, уьстагІий а, гезарий а санна дІахьур бу».
41
Везачу Эло боху: «Ма эшийна ю Шейшак! Ма дІалаьцна ю дерриг а дуьнено хестийнарг! Ма хили-кх Бавел къемате сурт къаьмнашна юкъахь!
42
Бавелна тІехула хІорд баьржина, гІергІаш йолчу тулгІенаша иза дІахьулйина.
43
Цуьнан гІаланаш яссаелла ю, цуьнан латта дакъаделла дІахІоьттина ду. Цигахь вехаш цхьа а вац, цхьа а стаг вер вац цу гІаланашна чухула.
44
Ас Бавелехь таІзар дийр ду Вел-харцдалла: цо дІа мел кхаьллинарг Ас схьатосуьйтур ду. Иза волчу халкъаш кхин оьхур дац! Бавелан пенаш а охьаэгна ду.
45
Арадала Бавелера, Сан халкъ! ХІораммо а шен са кІелхьардаккха Везачу Элан чІогІачу оьгІазлонах.
46
Дог доьхна а ма хила, кхера а ма кхера, махкахула шайна хабарш хезча. Цхьана шарахь цхьа хабар хезар ду шуна, вукху шарахь – важа хабар хезар ду. И хабарш махкахь къизалла ярх лаьцна хир ду, цхьана баьччано вукху баьччанна дуьхьалдаккхарх лаьцна а хир ду и хабарш.
47
Иштта тІекхочуш ду Ас Бавелан цІушна таІзар дийр долу денош. Берриг а цуьнан мохк юьхьІаьржачу хІоттийна хир бу. Массо а махкахула байинчеран декъий Іохкуш хир ду.
48
Цул тІаьхьа стигал а, латта а, царна тІехь мел дерг а даккхийдеш хир ду Бавелна хилларг бахьана долуш, хІунда аьлча къилбаседехьара хІаллакдо эскарш тІелетар ду, – боху Везачу Эло.
49
Бавело исраилхой а, дерриг а дуьненан адамаш а хІаллак-ма-дарра, цуьнан нах а хІаллакбан беза».
50
«Туьрах кІелхьардевлларш, шу Бавелера сихха, ца соьцуш, дІадаха деза. Шаьш геннахь долуш, Веза Эла шайна дагаваийта, Ярушалайм а шайн даг чохь хилийта».
51
Аша боху: «Тхайна сий мел доцург хезча, тхуна чІогІа эхь хетара. Везачу Элан цІийнан кертахь йолчу езачу меттигашна чу кхечу къаьмнех болу нах баьхкича, тхо чІогІа юьхьІаьржачу хІиттина дара».
52
Везачу Эло боху: «ТІекхочуш ду Ас Бавелан цІушна таІзар дийр долу денош. Массанхьа а цуьнан лаьтта тІехь чевнаш хилларш узарш деш хир бу.
53
Бавел стигала кхаччалц лакхаяьлла хилча а, цо цигахь шена яккхий чІагІонаш йина хилча а, Ас тІаккха а цунна тІе нах хьажор бара и гІала йохаяйта», – боху Везачу Эло.
54
Везачу Эло боху: «ЛадогІа! Белхар ду Бавелера схьахезаш, йоккхачу йохоран гІовгІа хеза хашадхойн махкара.
55
Везачу Эло билггал йохор ю Бавел-гІала, цунна чохь мел йолу гІовгІа дІа а туьйш. Яккхий тулгІенаш санна, мостагІий цунна тІегІертар бу, церан буьрса маьхьарий дІа а хозуьйтуш.
56
Бавел йохорхьама эскар цунна тІегІертар ду. Цуьнан тІемалой йийсаре буьгур бу, кегдина хир ду церан секхаІедаш. Веза Эла – бекхаман Дела ву, Цо кхоччуш бекхам бийр бу.
57
Ас малор ду церан баьччанашна а, хьекъалчашна а, мехкадайшна а, меттиган куьйгалхошна а, иштта церан тІемалошна а. Царна массо а ханна, кхин сама а ца бовлуш, наб кхетар ю» – боху Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо.
58
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Бавелан стаммий пенаш баххаш тІе кхаччалц дохор ду, цуьнан лекха кевнаш а цІерца дагор ду. Халкъаша къахьегнарг эрна хир ду, къаьмнаша бина болх цІеро багийна хир бу».
59
ЯхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус олалла до доьалгІачу шарахь Сари-ЯхІу цуьнца цхьаьна Бавеле вахара. Сари-ЯхІу Махьси-ЯхІун кІентан Нери-ЯхІун кІант вара, ткъа иза паччахь Іаш волу меттигаш Іалашйийриг вара. Ярми-ЯхІу-пайхамаро цуьнга цхьа хаам дІабелира.
60
Ярми-ЯхІус Бавелна тІекхача безаш болчу бохамех лаьцна дерг а, Бавелах лаьцна кхин бина хаамаш а дерриг а тептар тІе дІаязбинера.
61
Сари-ЯхІус Ярми-ЯхІуга элира: «Хьожуш хилалахь: хьо Бавеле кхаьчначул тІаьхьа хІара дерриг а цигахь дІадешалахь, иза массарна а дІа а хозуьйтуш.
62
Цул тІаьхьа ала: „Веза Эла! Ахьа хІара меттиг хІаллакйийр ю ма аьлла, кхузахь цхьа а стаг а, дийнат а кхин а ца Іойтуш, кхунах массо а ханна яссийна меттиг дІа а хІоттош“.
63
Хьо и тептар дІадешна ваьлча, цунах тІулг дІа а бехкий, иза Эпрат-хина юккъе кхосса.
64
Изза Бавел-гІалина а хир ду: иза кхин хьалагІатталур йоцуш хи буха гІур ю, Везачу Эло цунна тІе бен болу бохам бахьана долуш». Цу тІехь Ярми-ЯхІун дешнаш чекхдовлу.
← Предыдущая
Иеремия
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО