Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тІаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хІаллаквийр ву иза“». Айса дІакъастийначаьрга омра дина Аса, Сан дозаллех самукъадолуш болчу Сайн тІемалошка кхайкхира Со Сан бекхам кхочушбе аьлла. ЛадогІа, лаьмнашкахь гІовгІа хезаш ю – адамийн йоккхачу тобанан гІовгІа! ЛадогІа, пачхьалкхашна юкъахь гІовгІа хезаш ю – къаьмнаш цхьаьнакхетаран гІовгІа! Массо а ницкъийн Веза Эла доккха эскар хІоттош ву, тІом бархьама. Генарчу махкара, дуьненан йистера, схьавогІуш ву Веза Эла Шен бекхам баран герзашца, дерриг а латта хІаллакдархьама. «Аса мисархой мисархошна дуьхьал карзахбохур бу, тІаккха ваша веших а, доттагІа доттагІчух а, гІала гІаланах а, пачхьалкх пачхьалкхах а летар ю. Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тІаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хІаллаквийр ву иза“». «Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, иштта Исраилан халкъ, ма къахка. Аса хьо генарчу махках кІелхьардоккхур а ду, шаьш йийсаре дІабигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІатйохур а ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Царна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац. Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – Со хьоьца волу дела. Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш, дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца Шуна таІзар дийр ду». ТІемех лаьцна хезар ду шуна, вовшахлетарех лаьцна хаамаш а хир бу. Шу дохий ма хьовза, хІунда аьлча иза хила дезаш дерг ду. Амма иза цкъачунна чаккхе яц. Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьІ-маьІІехь мацалла а хІуттур ю, мохк а бегор бу.
Выбор основного перевода