Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхузткъе итт шо дІадаьллачул тІаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таІзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. Везачу Элан оьгІазло бахьана долуш, цхьа а стаг Бавелехь вехаш хир вац, ерриг а и меттиг яссалур ю. ГІалина уллохула тІех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шена гича. Латта лесташ а, хьийзаш а ду, хІунда аьлча Везачу Эло Бавелна дан леринарг кхочушхуьлуш ду. Цунна Бавел-махках чохь адам Іаш доцуш дассийна латта дан лаьа.
Выбор основного перевода