Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо яьккхина гІовгІа лоьман санна ю, цо до гІигІ къоначу лоьмийн Іахарх тера ду. МостагІчо, гІигІ а деш, бовда гІерта нах схьалоьцу, цхьаммо а уьш цуьнгара схьабохур бац. Хьуьнхахь лом угІуш хуьлий те, шена хьалха ижу ца хилча? Лоьман кІорнино шен бен чуьра аз хозуьйтуш хуьлий те, ша лаьцна хІума а йоцуш? Мичахь бу хІинца лоьмийн бен а, лоьмийн кІорнеш кхобуш йолу меттиг а цхьаммо а ца кхерош лом-нана а, лоьман кІорнеш а лелла йолу? КІорнеш тоъал юзорхьама катухура лоьмо, лом-нанна кхача балархьама са дукъадора, шен хьехаш ижух а юзуш, оьрнаш катоьхначух а дузуш.
Выбор основного перевода