Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Майра мостагІий хІонс яьккхина богІу, Іожаллин наб кхетта уьш Іохкуш бу. Массо а оцу тІемалошка шайн куьйгаш тІом бан хьала ца айало. Хьан оьгІазе аз дІахезча, ва Якъубан Дела, говраш а, церан дошлой а, Іадийна, белла. Дийна волчу Сох чІагІо йо Аса, – боху Паччахьо, Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, – лаьмнашна юкъахь Табур-лам санна волу а, хІордана уллохь лаьтташ Кармал-лам санна волу а цхьа ницкъболу куьйгалхо вогІур ву шуна. Бассалуш бу Муаби-мохк, цуьнан гІаланаш а ю йогуш, цуьнан тоьлла кІентий а бу хІаллакьхуьлуш, – боху Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо. – Уьш хьагбеллачу хенахь Аса царна той хІоттор ду, уьш баххалц царна малор а ду, уьш дикка сакъералуш ханна тІекхаччалц. Цул тІаьхьа царна массо а ханна наб кхетар ю, уьш цкъа а сама ца бовлучу тайпана, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода