9
Шена дагахь а доцуш, Абушалам Даудан тІемалошна дуьхьалкхийтира. Иза шен вирбІарзанна тІехь дІавоьдуш вара. ВирбІарза доккхачу ножан диттан генашна кІелхула дІайоьдучу хенахь, Абушаламан месаш гаьннех дІатасаелира. Иза лаьттаний, стигалний юккъехь кхозуш висира, ткъа цуьнгахь хилла йолу вирбІарза едда дІаяхара.