Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо, серло санна, хьан бакъдерг а гучудоккхур ду, дийнан делкъе санна, хьан нийсо а гучуйоккхур ю. ДІаала Ярушалайме эсала, дІахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дІабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таІзар тІеэцна цо дерриг а шен къинойх». (КІелхьардовлархьама Бавел-махкара дІаидинчу адамаша бохучуьнга ладогІа! Цийон-лам тІе схьа а баьхкина, цара дуьйцу вайн Везачу Дала динчух лаьцна. Шен дезачу цІенна динчунна Цо бекхам барх лаьцна дуьйцу цара.) Далла хьалха айса къинош летийна дела, ас Цуьнан оьгІазло дІакхоьхьур ю, сан гІуллакх цхьалха а даьккхина, суна тІехь Цо кхел яллалц. ТІаккха Цо со серлонга воккхур а ву, суна Цуьнан нийсо а гур ю.
Выбор основного перевода