Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла дерриге а латта, дакъаза а даьккхина, дассо воллуш ву. Лаьттан юьхь хьийза а хьийзина, цу тІера бахархой дІасабаржор бу Цо. Халкъана хиндерг динан дена а хир ду, ялхочунна хиндерг цуьнан хІусамдена а хир ду, зуда-ялхочунна хиндерг цуьнан хІусамнанна а хир ду, оьцучунна хиндерг юхкучунна а хир ду, духалург доьхучунна хиндерг духалург лочунна а хир ду, ял лочунна хиндерг ял йоккхучунна а хир ду. Латта дассийна а, чІана даьккхина а хир ду, хІунда аьлча Везачу Эло хІара дош аьлла. «Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьІІехула дІасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дІакхаьллина, тІаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьІахкаш аьтта». ЛадогІа кху дешнашка, мисканаш дІакхалла а, къенаш хІаллакбан а хьаьгна долчу а,
Выбор основного перевода