Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхузткъе итт шо дІадаьллачул тІаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таІзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. Къилбаседера къам Бавел-махкана тІегІертар ду, цунах яьсса аре а йина, дІа а хІоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дІагІур ду». Яьссачу аренийн акхарой а, чангІалкхаш а Бавелехь ехар ю, иштта бухІанаш а хир ю кху лаьтта тІехь ехаш. Адамаш цигахь цкъа а дехар дац, массо а тІейогІучу тІаьхьенашна цкъа а стаг цигахь Іаш хир вац. Цуьнан гІаланаш яссаелла ю, цуьнан латта дакъаделла дІахІоьттина ду. Цигахь вехаш цхьа а вац, цхьа а стаг вер вац цу гІаланашна чухула. Ас массо а ханна бассор бу хьо, хьан гІаланашкахь вехаш цхьа а стаг хир вац, тІаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода