Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан карахь цхьа кад бу, иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагІарх буьзна бу. Лаьттан массо а Іесачарна Цо оцу кеда чуьра Іанадо, ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дІамер ду и чагІар. Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. Уьш, цу чуьра дІамеллачул тІаьхьа, дІаса а лесташ, хьерабевлча санна лелар бу, хІунда аьлча царна гур ду Аса шайна тІедерзор долу тур». ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «ДІаала цаьрга иштта: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: Сан оьгІазаллин кедара дІа а молуш, даха а дехаш, схьаІеттаде, тІаккха охьа а эгий, кхин хьала а ма гІитта, шайна Аса даийтина долу тур бахьана долуш“. Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дІадахара. Цо бохура: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели йоккха Бавел-гІала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагІар малийна цо массо а халкъашна». Зудчунна тІехь таьІна цІечу басахь а, цІарула-цІечу басахь а духар дара. Деших йина хІуманаш, деза тІулгаш, жовхІарш дара цунна тІехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гІуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гІуллакхех а буьзна бара. ХІунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагІар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дІахІиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш».
Выбор основного перевода