Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавелан йоІ, хІаллакьян ва леринарг! Ирсе ву ахьа тхуна динчунна хьуна бекхам эцнарг! Хьо мел дІакхоллурш шаьш дІакхаьллина хир бу. Хьан мел болу мостагІий шаьш хир бу йийсарехь. Хьох хІонс мел йоккхурш шаьш хІонс хилла дІахІуьттур бу. Хьуна талор мел дийраш Аса талорхошка дІалур бу. Хашадхойн берриг а махкахула хІонс схьаоьцур ю, ткъа махкана къола деш берш хІонсах Іаьбна хир бу», – боху Везачу Эло. ТІеман маьхьарий детташ, цунна го бай, дІахІитта. Тахана ша мостагІийн кара дІаелла Бавел-гІалано, йохийна цуьнан бІаьвнаш, цуьнан пенаш охьаэгна. Веза Эла волчу Аса цунна бекхам беш хиларна, аша а бекхам бе цунна. Цо кхечу къаьмнашна тІехь деш дерг аша а де цунна тІехь. «Бавел-гІалина тІелата схьакхайкха массо а секхаІад карахь долчаьрга. Схьаваийта хІора секхаІад дула хууш верг. ГІалина го бе, цигара цхьа а ведда кІелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хІунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Везаниг волчу! Дела нийсо еш хиларна, шу сийсаздаьхначаьрга а баланаш хьоьгуьйтур бу Цо,
Выбор основного перевода