Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ВорхІалгІачу беттан вуьрхІитталгІачу дийнахь хинкема Арарат-лаьмнашкахь сецира. Гомаран кІентий бара: Ашкиназ, РипІат, ТогІарма. Шен дела волчу Нисрухан цІа чохь Іибадат дечу хенахь, цуьнан кІенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дІаведира. ТІаккха Санхьарибан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кхин кІант Эсар-Хьадун. «Берзинчу лам тІехь байракх айа, айинчу озаца тІемалошна омра де. Куьг ластаде цаьрга, уьш хьолахойн кевнашна чугІортийта. Айса дІакъастийначаьрга омра дина Аса, Сан дозаллех самукъадолуш болчу Сайн тІемалошка кхайкхира Со Сан бекхам кхочушбе аьлла. Шен дела волчу Нисрухан цІа чохь Іибадат дечу хенахь, цуьнан кІенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дІаведира. ТІаккха Санхьарибан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кхин кІант Эсар-Хьадун. ЯхІуд-махкахь массарна а дІахаийта, Ярушалаймехь массо а стаге дІакхайкхаде: «Коьман маІа а лоькхуш, орца даккха! Мохь а хьоькхуш, массанхьа а дІаала: „Дерриш а цхьана метте схьагулло, чІагІйина йолчу гІаланашка дІагІур ду вай“. Бавелера халкъ дуккха а халкъашна а, баккхийчу паччахьашна а хьалха гІуллакх деш лелар ду, цара диначуьнга а, церан куьйгаша лелийначуьнга а хьаьжжина, Аса царна доггІург дІа а лур ду“». «Массо а халкъашка дІахаийта, байракх хьала а айъаяй, къайла а ца доккхуш, дІадийца: „Бавел-гІала схьаяьккхина, Вел-харцдела юьхьІаьржачу хІоьттина, Мардух-харцдела дог доьхна ву, Бавелан суьрташ юьхьІаьржачу хІиттина, цуьнан цІуш дог доьхна а бу“. Хьовсал, къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам. Церан карахь гоьмукъаш а, секхаІедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богІучу хенахь, карзахбаьллачу хІордах тера бу. Хьоьца тІом бан кийча бу уьш. Церан Іалашо – хьуна тІелатар ю, Бавел. Хьан куьйгалхой доккха цІоз санна бу. Хьан баьччанаш, шелъелча, пенийн хераллашкахь бенаш деш долчу цІазан жІуга санна бу. Амма малх кхетча, уьш, тІема а йовлий, дІасайоьлху, тІаккха цхьанна а ца хаьа уьш стенга яхана.
Выбор основного перевода