Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Акха жІаьлеш угІур ду дІатесна йолчу цуьнан бІаьвнашкахь, ткъа чангІалкхаш – цуьнан исбаьхьачу гІаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац». Ахьа гІаланах тІулгийн оьла йина, чІагІйинчу гІаланах саьлнаш йина, хийрачу къоман гІопах гІала йоцург йина. И гІала цкъа а юхаметтахІоттийна хир яц. Хьацор иштта чангІалкхийн бен хилла дІахІуттур ю, массо а ханна яьсса аре а хилла. Адам цигахь цкъа а дехар а дац, цхьа а стаг цигахь соцур а вац». Везачу Элан оьгІазло бахьана долуш, цхьа а стаг Бавелехь вехаш хир вац, ерриг а и меттиг яссалур ю. ГІалина уллохула тІех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шена гича. Яьссачу аренийн акхарой а, чангІалкхаш а Бавелехь ехар ю, иштта бухІанаш а хир ю кху лаьтта тІехь ехаш. Адамаш цигахь цкъа а дехар дац, массо а тІейогІучу тІаьхьенашна цкъа а стаг цигахь Іаш хир вац. Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели-кх йоккха Бавел-гІала. Жинашна Іан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дІалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах.
Выбор основного перевода