Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьІна ву. Оцу деланийн суьрташ хІинца бежанашна тІехь дІахьош ду. Хьалха аша дІакхехьначарах кІадделлачу даьхнина беза мохь хилла. Цхьаьний уьш дог доьхна а, охьатаьІна а хилла. Шайн суьрташ кІелхьар ца дахало оцу харцделанашка. ХІинца уьш шаьш а йийсаре дІабахана бу! «Массо а халкъашка дІахаийта, байракх хьала а айъаяй, къайла а ца доккхуш, дІадийца: „Бавел-гІала схьаяьккхина, Вел-харцдела юьхьІаьржачу хІоьттина, Мардух-харцдела дог доьхна ву, Бавелан суьрташ юьхьІаьржачу хІиттина, цуьнан цІуш дог доьхна а бу“. Амма хІинца шун нана юьхьІаьржачу хІуттур ю, шу дина болчу Бавел-махкана эхь хетар ду. Кхечу къаьмнашна юкъахь Бавел уггар кІезигниг хир ду. Бавел-мохк яьсса аре а, декъа латта а хир ду. Везачу Эло боху: «Тур тоха хашадхошна! Тур тоха Бавелехь бехаш болчарна, церан баьччанашна а, хьекъалчашна а! Тур тоха церан динан дайшна, уьш кхетамчуьра а бохуш. Тур тоха церан тІемалошна, уьш къематах а бузуш. Тур тоха церан говрашна а, гІудалкхашна а, шайна юкъахь болчу тІелаьцначу тІемалошна а, уьш, зударий санна, кхоьруьйтуш. Тур тоха церан хазнашна, уьш хІонс санна дІаса а йохуьйтуш. Везачу Эло боху: «ТІекхочуш ду Ас Бавелан цІушна таІзар дийр долу денош. Массанхьа а цуьнан лаьтта тІехь чевнаш хилларш узарш деш хир бу.
Выбор основного перевода