7
Цул тІаьхьа, къемате ирча а, чІогІа онда а долуш, доьалгІа экха а гира суна буса дуьхьалхІиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагІий дІакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маІа а яра.