Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло со цига схьавалийра. Цигахь цІаста санна къегаш долу амат долуш волу цхьа стаг вара. Кевнна уллохь дІа а хІоьттина, лаьтташ волчу цуьнан карахь хІума юстуш йолу вēтанан тІийраг а, иштта хІума юстуш йолу гІаж а яра. Цундела Везачу Эло иштта боху: ‘Со Ярушалайм-гІала юхавоьрзур ву, цунах къинхетам бархьама. Цигахь Сан цІа юхаметтахІуттур ду – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ярушалайм-гІаланах чекхъер ю латта дусту тІийраг’“. Ас сайн бІаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хІара гира: шен карахь латта дусту тІийраг йолу цхьа стаг вара лаьтташ. Ас хаьттира: «Хьо стенга воьду?» – аьлла. Цо жоп делира: «Ярушалайм-гІала юста воьду, цуьнан шоралла а, йохалла а мел ю хаархьама». Йохалла юстархьама Іасанах тера болу эрз белира сан кара. ТІаккха соьга элира: «Хьала а гІаттий, Делан цІа а дуста, сагІа доккху кхерч а буста, цу цІа чуьра Далла Іамал ян догІу адамаш а дагарде.
Выбор основного перевода