Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХьалагІевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хІора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цІа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера. Іожалла гуттаренна а дІакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тІера бІаьрхиш дІадохур ду. Дерриге а дуьнен тІехь Шен халкъ емалдар дІадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло. Ярушалаймехь Цийон-лам тІехь Іаш долу халкъ, хьо кхин доьлхур дац. Ахь орца даьккхича, Везачу Эло хьуна диканиг дийр ду. Ахь гІо доьхуш Шена хезча, Цо хьуна жоп лур ду. хІунда аьлча тІекхочуш ду, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхІудан а долу, Сайн халкъан аьтто юхаметтахІоттор долу денош. Аса и халкъ юха а церан дайшна Айса деллачу лаьтта тІе схьадалор ду, и латта церан долахь а хир ду“». Аса юха а меттахІоттор ду хьо, йоІстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахІоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргІанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду. Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу. ТІаккха яхІудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дІа а хІоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хІунда аьлча ИзраІалан де сийлахь хир ду!» ХІунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гІуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хІинца а гІодарца Цуьнга гайтина болу безам а.
Выбор основного перевода