Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со шуьца ву, Ас гІо дийр ду шуна. Шу охур а ду, шуна тІехь ялта дІа а дуьйр ду. Шуна тІехь долу адамаш совдохур ду Аса. Иштта шуна тІехь дерриг а Исраилан халкъ хир ду. Дохийна мел дерг юхаметта а хІоттийна, гІаланаш а адамех хьалаюзур ю. Ас шуна тІехь дебор ду адамаш а, хьайбанаш а. Церан дуккха а кІорнеш а, бераш а хир ду. Ас, хьалха ма-хиллара, шуна тІехь нах а охьаховшор бу, хьалха хиллачул а сов шуна беркат а лур ду. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Иза Аса Сайна лаьттахь дІаюьйр ю, „Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса. „Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“. Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ – эр ду».
Выбор основного перевода