Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а цуьнан кІентий а, йоІарий а иза теван гІертара, амма иза тен дагахь вацара: «Сайн кІантана сагатдеш, эхарта дІагІур ву со», – бохура цо. КхидІа а белхар дира дас. Бала тІебеанчу дийнахь со Хьалдолу Эла лохуш ву. Буьйсанна сайн ши куьг саццаза дІасадохуьйту ас, амма сан са шена синтем барх къаьхка. Сан четар хІаллакдина, массо а цуьнан тІергаш дІаяьхна. Сан бахархой со йолчуьра дІабахана, уьш кхузахь кхин бац. Четар дІахІоттош суна гІо дан стаг а вац, иштта четаран шаршуш дІатоха стаг а вац». Цу тІехь кхочушхилла Ярми-ЯхІу-пайхамарехула хилла болу хаам: «Аз хеза Рами чохь, инзаре мохь, тийжар хеза. Рахьал йоьлху шен берашна, амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа, хІунда аьлча цуьнан бераш дийна дац».
Выбор основного перевода