Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъубан тІаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дІанисдинчу а Везачу Эло хІинца иштта боху: «Ма кхера – Ас мах баларца паргІатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цІе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга – Хьо Сан ду. Кхечу деланашна аша сагІанаш дахар а, Везачу Элана дуьхьал къинош летор а, Цо беллачу товрат-хьехамца а, парзашца а, сацамашца а шу ца лелар а бахьана долуш тахана гуш болу и бохам шуна тІебаийтина бу». ЮьхьІаьржачу хІоьттина Муабин къам, хІунда аьлча иза дохийна. Мохь бетташ, белхар де, Арнон-хин йистехула дІахаийта Муабин къам хІаллакдина хилар. Дамасакх-гІалин бахархой, дог а доьхна, юха а бирзина, бевдда дІабаха кийча бу. Къемат тесна церан дегнашка, гІайгІано а, лазаро а уьш дІалаьцна. Цаьргахь, берах хьийзочу зудчуьнгахь санна, лазарш ду. Сан сакъералуш хиллачу, гІараяьллачу гІалара нах дІа хІунда ца бевдда? Амма уьш ПаргІатбохург чІогІа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гІуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гІайгІа а кхуллуш». Амма нагахь, цул онданиг тІе а летта, и эшавахь, хІусамден бІобулуш хилла долу герз схьа а даьккхина, бахам дІахьур бу.
Выбор основного перевода