18
Къаьмнаш дарделла дІахІиттира, амма хІинца Хьан оьгІазло а тІееана, Ахь беллачарна тІехь кхел ен хан а тІекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цІеяхана болчарна а хьакъ дерг дІало хан а тІееана. Латта хІаллакдеш берш хІаллакбо хан а тІееана!»