Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь шун Везачу Дала тІедиллинарг, тахана ас шуьга Іалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цІоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш. Исраилан халкъана кІелхьардалар Цийон-лома тІера догІур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахІоттийча, Якъубан тІаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара. Хьайн халкъ кІелхьара а даккха, Хьайн тІаьхье декъал а е. Церан Іу хилахьа, уьш даим Іалаш а беш. Ва Веза Эла, кІелхьардахахьа тхо! Аьтто а бехьа тхан, Веза Эла! ТІаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цІа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дІахІоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тІе дерриг а халкъаш оьхур ду. Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хІунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву». ЯхІудан цІийнах дийна висинчо юха а лахахь орамаш а хоьцур ду, лакхахь стом а лур бу. Царах схьабевлларш къаьмнашна юкъахь бевзаш хир бу, ткъа церан тІаьхье халкъашна юкъахь евзаш хир ю. Уьш мел гуш болчарна хуур ду, Везачу Эло декъалдина халкъ иза дуйла». Ас кхуллуш долчух самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир ду шу гуттар а, хІунда аьлча Ас кхуллуш йолу Ярушалаймах самукъадалар а хир ду, цуьнан халкъах хазахетар а хир ду.
Выбор основного перевода