Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь сан белхаран метта, суна хелхар дели, сингаттаман духарш дІа а эцна, самукъадаларан духарш суна тІедуьйхи. къонахоша а, йоІарша а, баккхийчара а, бераша а. Ахь мах баларца паргІатбаьхнарш юхабоьрзур бу. Эшаршца Цийон-лам тІе богІур бу уьш, гуттар а долу хазахетар хир ду церан кортош тІехула. Хазахетар а, самукъадалар а карор ду царна, сингаттам а, даккхий синош дахар а дІадевр ду. Цийонехь гІайгІа ечарна хазахетар тилла – чиман метта, царна таж лур ду, белхаран метта, самукъадалар лур ду, эшначу синан метта – хастаман духар. Царах эр ду нийсонан нежнаш, Шен исбаьхьалла дІагайтархьама, Везачу Эло доьгІна долу. Ас кхуллуш долчух самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир ду шу гуттар а, хІунда аьлча Ас кхуллуш йолу Ярушалаймах самукъадалар а хир ду, цуьнан халкъах хазахетар а хир ду. Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду.
Выбор основного перевода