Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриг а латта мохь тоьхна доьлхуш дара. Дерриг а халкъ а, паччахь а Кхидрун олучу хин Іоврел дехьаделира. Уьш яьсса аре йолчу агІор дІабахара. Паччахьан цІенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара. Везачу Элан цІийнан кертахь Ашера-цІунна боьгІна болу бІогІам Юши-ЯхІу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гІалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогІи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хІуманех чим бина, иза цІеяхана боцучеран къуббанашна тІехула дІасабаржабайтира цо. Динан дайша Говрийн кевнна тІера долу пенан дакъа тодира. ХІора динан дас шен цІенна дуьххьал долу пенан дакъа тодира. ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. Бен-ХІинам-тогІи чохь йолчу Тупатахь цара сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а дагорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тІекхочур ю цхьа зама, адамаша хІокху меттиган Тупат, я Бен-ХІинам-тогІи аьлла, цІе йоккхур йоцу. Кху меттиган цІе Байаран ТогІи аьлла хир ю, хІунда аьлча шайн байина болу нах цара кхузахь дІабухкур бу, кхузара меттиг чекхъяллалц. «ТІаккха хуур ду шуна Со шун Веза Дела вуйла, Сайн безачу Цийон-лам тІехь вехаш волу. Ярушалайм еза меттиг хилла дІахІуттур ю. Кхечу къаьмнех берш кхин цкъа а Ярушалаймехула толамхой санна чекхбевр бац».
Выбор основного перевода