Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавелера арадовла, хашадхойх дІадовда! Хазахетаран маьхьаршца дІакхайкхаде иза, массо меттехула дІасабаржабе и кхаъ: «Везачу Эло мах баларца паргІатъяьккхина Шен ялхо йолу Якъубан тІаьхье!» – алий. Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богІа! Кеч а бе, дІа а нисбе некъ. ДІаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало». Иштта боху Везачу Эло: «Некъаш вовшахкхетачу меттехь дІа а хІоттий, хьажа, муьлха бу шира а, беркате а болу некъ. Цу некъа тІе шу довлахь, шайна синтем а, машар а карор бу шуна». Амма цара элира: «Тхо гІур дац!» ХІара дешнаш Везачу Эло Исраилан а, ЯхІудан а халкъах лаьцна аьлла ду. «Иштта боху Везачу Эло: „Кхерабелла, боьлхуш болчеран аьзнаш хезаш ду. Къематан гІовгІа хезаш ю, машар а бац. Аса юха а меттахІоттор ду хьо, йоІстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахІоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргІанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду. Цара Цийон-ломана тІе боьдуш болу некъ хоьттур бу, цу агІор дІа а хьоьжуш, уьш цига гІур бу. Схьа а баьхкина, массо а ханна болу, цкъа а бицлур боцу барт а беш, шаьш Везачу Элаца боьхкур бу цара.
Выбор основного перевода