Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваІда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цІа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан карара паргІатдаьккхина. qac Еqac*рриг а заманашкахь дуьйна болу Хьайн къинхетам а, хедар боцу безам а дагабаийтахьа, ва Веза Эла. Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. «Суна шу дезаделла», – боху Везачу Эло. Ткъа аша: «Стенна тІехь схьагайтина Ахьа Хьайн безам?» – боху. «Іесав Якъубан ваша ма хилла? – боху Везачу Эло. – Делахь а, Сайн безам гайтархьама, Ас Якъуб а, цуьнан тІаьхье а хаьржинера, Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара». Цхьаннан а вогІийла дац Суна тІе, Со ваийтинчу Дас иза тІе ца оьзча. Ткъа Аса иза денвийр ву тІаьхьарчу дийнахь. Пасахьан деза де тІекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тІеваха веза хан тІекхаьчний хаьара Іийсана. Дуьненара Шенаш безара Іийсана, ткъа хІинца Шен безам ма-барра кІорггера гайтира Іийсас царна. Хаза кхаъ тІе ца эцна дела, исраилхой Делан мостагІий бу, ткъа иза кхечу къаьмнех долчу шуна пайденна ду. ХІетте а, Дала уьш хаьржина дела, Далла безаш берш бу уьш, церан дайшка дина долу ваІда бахьана долуш.
Выбор основного перевода