Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъала ву Дала нисво стаг. Нуьцкъалчун таІзар дегаза ма хета, Дела! ЮхаметтахІиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тІера серло тхуна лепийтахьа, тІаккха тхо кІелхьардаьхна хир дара. Массо а ницкъийн Дела! ЮхаметтахІиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тІера серло тхуна лепийтахьа, тІаккха тхо кІелхьардаьхна хир дара. Массо а ницкъийн Веза Дела! ЮхаметтахІиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тІера серло тхуна лепийтахьа, тІаккха тхо кІелхьардаьхна хир дара. Декъала ву, Веза Эла, Ахьа хьехар деш верг, Хьан товрат-хьехамаш Хьоьгара Іамош верг. ДІайига со хьайца, сихлур ду вайшиъ! Паччахьо шен цІа чу йиги со! Вайшиъ самукъадаьлла хир ду, сакъоьруш хир ду. ЧагІарал чІогІа болу хьан безам хестор бу вай. Ма нийса бу хьо дукха везаш берш! Дарба дехьа суна, Веза Эла, тІаккха со толур вара. КІелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кІелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг. Дерзадехьа тхо Хьайгахьа, Веза Эла, оха чІогІа доьху Хьоьга! Карла а дахий, дІахІиттадехьа тхан денош, Айхьа хьалха уьш дІахІиттош ма-хиллара. «Эпрайман халкъ караІамийна дуьхьарг санна дара, ялта арарх доккхадеш долу. Цуьнан хаза ворта Аса кхоайина. Амма Аса Эпрайман халкъана дукъ тІедуьллур ду, ЯхІудан халкъо охана дан деза, Исраилан халкъо мекха баккха беза. Шен Ялхо денвича, Дала уггар хьалха шуна тІеваийтира Иза, зуламечу гІуллакхех шух хІора а дІадерзош, къобалдархьама».
Выбор основного перевода