Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Мусас дийнатех даьлла ах цІий кедаш чу доьттира, ткъа вукхуьнца сагІа даккха меттиг тІадийра. Шаьш Везачу Элаца бина барт тІеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтІахь хир ду тхо». Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо. Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“. «Тешаме доцурш, Со волчу юхадерза! – боху Везачу Эло, – Со шун олахо ма ву. Аса, хІора гІалара цхьацца стаг а, иштта хІора тайпанара шишша стаг а схьа а эцна, шу Цийон-лам тІе дуьгур ду. Мисар-махкара Аса шун дай арабаьхначу хенахь дуьйна, хІара де тІекхаччалц Аса шун дайшка юх-юха а дІахьедар дора: ‘ЛадогІа Соьга’, – бохуш. Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тІедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хІокху бертан таІзарш царна тІехьажийра“».
Выбор основного перевода